Ши нохчо Оьрсийчоьне дIавала сацам бина Австрино

Интерполехула дIавоьху ши нохчо Оьрсийчоьнан каравала сацам бина Австрино.

Экстрадици ян кечвеш ву Сайтаев Адам а, Дидигов Висита а.

Сайтаевн 33 шо ду, заьIап а волуш веана иза Австре - бIаьрса доцуш а, куьйган пIелгаш даьхна а ву иза. Хилла вац я Нохчийчьурчу а, я кхечу мехкашкарчу а тIемашкахь, 1-чу группан заьIапхо ву 2013-чу шарахь дуьйна.

Дидигов вина 1973-чу шарахь, Австрино хан хаьлха мухIажиран статусе а ваьккхира иза. Амма цуьнга а даийтина, Оьрсийчоьно дIавоьхуш а воццушехь, махкара аравоккху аьлла кехат.

Кху деношкахь Болгарино а ву ОьрсийчоьнедIалуш Рамзан цIе йолу нохчо (кхерамзалла ца талхорхьама ца йоккху цуьнан юьззина цIе). Оцу стагехь а ю Австрино елла мухIажиран статус. Амма иза лаца кхайкхийна ву Интерполехула, боху Болгарерчу урхаллаша.