Нохчийчохь 193 стаг ву карантинехь

Коронавирус махка цакхачийта йолчу Iалашонца карантине хьажийна ву Нохчийчохь 193 стаг. Уьш массо а бу дозанал арахьара цIабаьхкина нах.

Оцу бахархошца ца карийна цамгаран битамаш, яздо "ЧеченИнфо" портало, республикерчу Роспотребнадзоран урхаллин хаамна тIе а тевжаш.

Махкарчу эпидемиологаша а, медицинан кхечу говзанчаша а чIагIдарехь, цкъачунна стагга а вац Нохчийчохь коронавирус кхетта.