ГIалгIайчуьрчу могушаллин министралло бакъ ца дина, республикерчу клиникан дарбан хIусамехь коронавирусан ун даьлларг ву бохуш, WhatsApp мессенджерехула баржийна хаам.
Дийцарехь, вуьйцург ву карарчу баттан 14-чохь "шина а агIор полисегментаран пневмоница" охьавиллина пациент.
Коронавирус толлуш йинчу тесто вирус ца гайтина. Чолхечу хьолехь ву цомгушверг аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале дарбан цIийнехь.