Цхьана ханна ловзарш хIиттор сацор ду Нохчийчохь

Социалан машанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина, дуьненахь яьржина коронавирус эшон хьовса деза аьлла.
"Тахана Iедална а, юкъараллана а хьалха коьрта Iалашо ю - коронавирусан эпидеми республикехь ца яржийтар. Вайн бахархойн могушалла а, кхерамзалла а массо а хIуманал а деза ду вайна", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Цо бахарехь, цхьа могIа барамаш бу махкахь дIахьош Iедалхоша оцу Iалашонна хьажийна.
"Ас тIедиллина оршотдийнахь ресторанашкахь а, кафешкахь а хийцамаш бе аьлла. Цкъа делахь, дихкина нах а гулбеш, барамаш хIиттор. Доккхачу декъанна, ловзарш а, кхинйолу банкеташ а дIаяхьар. Дукхахйолу ресторанаш а, кафеш а дIакъовлур ю", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо шен Telegram- каналехь.