Коронавирусца доьзна 450 гергга стаг ву Нохчийчохь карантинехь латтош

Эпидеми яьржинчу пачхьалкхашкара Нохчийчу цIавирзина 450 гергга стаг шина кIиранна карантине охьавиллина, яздо "Новости" агенталло.
Вице-премьеро, коронавирусан ун ца даржийта кхоьллинчу штабан коьрте хIоттийначу Ахмадов ШахIида бина и хаам хьостане.

"Таханалерачу дийнахь лоьрийн тергонехь ву эпидемин хьал ира лаьттачу мехкашкара республикера вирзина 447 вахархо", - аьлла, билгалдаьккхина Ахмадовс.

Ишта цо бахарехь, ОРВИ-н симптомашца дарбан хIусамехь латтош ву кхо стаг. Дуьххьара йинчу тесташа коронавирус къастийна цаьрца, ткъа цунах тоам ца беш, биоматериал Новосибирскерчу вирусологин а, биотехнологин а центре талла яхьийтина шаьш аьлла, дIахьедо штабан куьйгалхочо.