Таханлера теманаш "Нохчийн гIиллакхехь доцург" Зазадоккху-бутт 24, 2020 Пейсахова Анна, "Кавказ.Реалии" Your browser doesn’t support HTML5 Шен бераш марзошкара дIадоьху зудчо Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Сосуркаева Лианас арздинера Шуьйтан кIоштан кхело дIадахначу шеран ГIуран-беттан 10-чу дийнахь бинчу сацамна, амма хIинца и сацам бакъбина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Цуьнан бераш цуьнга дIадаларх долу гIуллакх листар Шуьйтарчу коллегаша ханна сацор нийса ду, психологин экспертиза ян еза, аьлла Соьлжа-ГIаларчу кхелахоша. Майра велча, марвешица Ахмадов Сайд-Салахьца дисина шен бераш дIадоьху Соскуркаевас. Цо бахарехь, девашас цунах дIа ца кхоьтуьйту хьалхарчу классехь доьшуш йолу Ясмина а, кIант Рахьман а. Берийн шолгIа деваша – Ахмадов Сайд-Iабдулла – депутат ву Нохчийчоьнан парламентехь. «Шуьйтан кхело дов толлучуьра сацор нийса дац, психологин экспертизехула берашка соьца Iан лаьа я ца лаьа хатта деза бохург а нийса дац. Бераш соьга схьадала деза. Лакхарчу кхело бахарехь, сан бакъо ю кхело дов луьстуш лелочу кепах лаьцна лаьцна латкъам бан, амма бакъо яц сан экспертиза цаяйта. Суна дуьсург цхьаъ ду – вердикт кхоччуш араяккхаре сатийсар, цул тIаьхьа кхидIа а аьрзнаш дар», - боху Сосуркаевас. Нанас тоьшалла до шен шина беранна етташ хиларх лаьцна, боху, шена уьш гойтуш а дац. Шо гергга ду бераш, шайна хуьлу са бахьанехь, дехоша шайгахь кхобу, элира берийн нанас. Майра велча, петар дIа а йоьхкина, ахча марзхошка дIаделла Сосуркаевас. Оцу ахчанах Соьлжа-ГIалахь цунна а, берашна а цIа оьцур ду, баьхна Ахмадов Сайд-Салахьа. Цо баккъал а дина цIа, амма тIеяздина иза шайн йишина, ткъа Лиана араяьккхина чуьра. Йисина Iен зуда яьлла берех, хаьдда рицкъанах а, хIусамах а. Iедале а, муфтияте а дехарш дарх, хьал хийца ца делла. Ткъа стохка Зазадоккху-бутт бовш АхмадовгIара цхьана дезчу денна ши бер шайца дитар дехна зудчуьнга. Цул тIаьхьа кхин юха ца делла уьш нене. Хьалхарчу кхело, бераш дIадахар луьстуш, тергамза дитина кхел йоьдучу юкъанна нанас уьш шеца дитахьара бахар. Амма дов сацийна, психологин экспертиза йина яллалц йолчу ханна. ХIиттийна хеттарш ишта ду: «ХIун хьолехь бу берийн синкхетам? Нана муха тIеоьцу бераша, уьш мел дIаийна ду цунах? Бераша мел ларамбо девешин? Уьш ненаца дисахь, хIун зен хир ду церан синкхетамна? Девешица бераш дисаро зен дийр ду церан кхетамна я дац?» Ишта хеттарш хIиттор харцо ю, ненан бакъонаш кхело шегара дIаяьхна а ца хилча, берашна ша массарел мехала а хилча, чIагIдо Сосуркаевас. Цо шен бен яц боху бераш кхетош-кхион, церан доладан бакъо. Тергамза дитина Шуьйтарчу кхелахочо Гуциев Ислама Оьрсийчоьнан Конституцин 38-чу артикло бохург: берашна даха а, кхиан а йолу бакъо дегахь а, ненехь а хилар. Ахмадовс кхелахошка даима олу, бераш ирсе ду шен доьзалехь, мел оьшург а латтадо ша царна, уьш нене дIалойла дац. "Кавказ.Реалиига" а элира цо изза: Сосуркавага дIа а делла, бераш юьстахдуьтийла дац шен, «нохчийн гIиллакхехь доцург» дойла дац. Бетта чохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Шуьйтарчу кхеле кхачор бу шен сацам, цул тIаьхьа эсксперташа зуьйр ду хьал, хIиттийначу хеттаршца а догIуш. Берийн хьокъехь кхелан сацам хилла бер бац лаххара а шина-кхаа бетта чохь бен. Ткъа хIинца-м балхахь а бац кхелахой – тIебогIучу беттан 10-гIачу дийне кхаччалц карантинехь бу уьш. Къастонза дисина нанна бераш гайтар. Наггахь школе еъча, гора Сосуркаевана шен йоI, юкъ-кара гора воI а. "АхмадовгIарна со еаний хаъалц бен гойла ца нислора суна сайн ши бер, амма хааделча, сихха суна хьалхара довдадой, дIадуьгура, со йистхила кхиале. ТIаьххьара ши кIира хьалха гина суна уьш, шеко йоццуш гур дац хIинца нийсса баттахь, школа карантинехь ма юй, - дуьйцу Сосуркаевас. Сосуркаеван адвоката бахарехь (кхерамзалла ца йохорхьана, ца йоккху цуьнан цIе), шегахь эксперто-психолога бина сацам боллушехь, ненах бераш дIа ца туху кхело. Психолого бинчу къастамо боху, ненах къастийна хиларна, сингаттамехь ду бераш. Хьахаделира кхелехь, Ахмадов Сайд-Салахь кхело дина таIзар текхна вуйла а, цхьа зама хьалха федералан лехамахь лаьттина вуйла а. Дара кхелан документашлахь ялх шо долчу Рахьманна 2018-чу шарахь еттарх лаьцна тоьшалла а. Сосуркаевас бахарехь, вуьйцучу девашас йиттина хилла цунна. Делахь а Нохчийчуьра кхелаш яц цкъачунна берийн ненехьа.