«Аэрофлото» совцош ду кхечу пачхьалкхашка лела шайн кеманаш, коронавирусан эпидеми бахьана долуш

Москвара Шереметьево аэропорт

Коронавирусан пандеми бахьана долуш "Аэрофлот" авиакомпанино пIераскандийнахь дуьйна совцош ю дозанал а арахьарчу пачхьалкхашка ечу 94 рейсах 92 аьлла, хааме даьккхина ТАСС агенталло. Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIедиллинера Росавиацина кхечу мехкашка лелаш долу кеманаш, чартеран рейсаш а цхьана совцайе аьлла.

Цул совнах транспортан а, Росавиацин а белхахошна тIедиллина, коронавирус яьржинчу пачхьалкхашкара кху деношкахь цIаоьхуш болчу нахах талламаш бе аьлла.