Кхин 196 стаг охьавиллина Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла

Яхначу буса кхин а 196 стагна коронавирусан ун даьлла Оьрсийчохь аьлла, хаамбо оперативан штабо. ХIинца верриг а ун даьлларг 1036 ву. "Ишта Москвахь кхин а цхьаъ 1 велла", -аьлла штабехь.

Дахначу дийнахь тесташа вирус гайтинчарех 157 Москвара вахархо ву, Подмосковьера ву 8, Волгоградан кIоштара 3. Керла кхин а ши стаг коронавирусца охьавиллина аьлла, хаамбина Нохчийчуьра а, Мордовера а, Удмуртера а, Самаран кIоштара а.

Цхьацца ву Тулан, Ярославан, Иванован, Орелан, Ростовн, Кировн кIошташкахь, Дагестанехь а, ГIезалойчохь а.

Гоьбевллачу Оьрсийчуьрчу нахалахь коронавирус кхетта иллиалархочунна Лещенко Левна. Коммунаркерчу инфекцийн дарбан цIийнехь ву иза.