Коронавирусан ун даьлла дуьненчуьрчу 598 эзар стагна

Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь дуьненчохь 598 эзар стаг вовшахкхетта COVID-19 коронавирусан ун даьлла. Хопкинс Джонан Университетерчу системан талламийн а, инжиниринган а Центро далийна и терахьаш.

Коронавирусах велла 27761 стаг, дарба хилла 131000 сов дархо.