Сулейманов: Нохчийчохь коронавирус кхетта ву 9 стаг

Нохчийчохь официалан кепара тIечIагIдина 9 стаг коронавирусан ун кхетта хилар. Цунах лаьцна хаам бина республикан могушаллан министро Сулейманов Эльхана, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Цо дийцарехь, кхин а 3 стеган анализаш толлуш ю лаборатерехь.

Цомгуш хиллачерах лаьцна дуьйцуш министро билгалдаьккхина царна юкъахь йолу 83 шо долу йоккха стаг вочу хьолехь хилар. Цо дийцарехь, дIакъастийна ву коронавирусан ун даьржинчу пачхьалкхашкара Нохчийчу веана 839 стаг.