Оьрсийчоьнна 90 эзар евро тIедожийна Европан кхело милцоша йиттина вийначу Мурдаловн гIуллакхехула

Европан адамийн бакъонашкахула кхел

Европан адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнна тIедожийна Соьлж-ГIалахь милцоша йиттина вийначу Мурдалов Зелмхин доьзалшна 90 эзар евро далар. Кхелан сайта тIехь дуьйцуш ма хиллара, Мурдалов дIалаьцна хиллера 2001-чу шарахь Дечкен-беттан 2-хь чоьхьарчу гIуллакхийн Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан декъан гергахь.

ШолгIачу дийнахь суьйранна иза дIахьажийнера ханна лецнарш латточу изоляторе (ИВС). Цигахь лоьро кехат кечдинера Мурдаловн дегIа тIехь йиттина йина чевнаш хиларх лаьцна.

Дечкен-беттан 3-хь талламхочо сацам бинера иза маьршаваккха аьлла, амма оццу декъехь талламхо хиллачу Лапин Сергей (Кадет) цIе йолчу стага, Мурдалов араваьлла хиларан сурт хIоттош, цуьнан цIарх куьйгаш а теIийна, билгалъяьккхина йоцчу метте дIавигинера и жима стаг. Цул тIаьхьа иза гина цхьа а вац.

2003-чу шарахь кхело сацам бира Мурдалов лар йоцуш вайна хиларх лаьцна. Милцошна дуьхьал долийра бехктакхаман гIуллакх. 2007-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу кхело 10,5 шо колонехь даккха хан туьйхира Лапинна, Мурдаловна тIехь Iазап латторна а, кхин а цхьамоггIа зулам дарна а.

Кадетца цхьана жоьпе озийна волу кхин а ши стаг еххачу хенахь ведда лийлира, ткъа эххаре а, амнисти а кхайкхийна, витира и шиъ. Лапин набахтера дIахийцира 2014-чу шарахь.