"Дийна йисийта йиш яра иза". Коронавирусах еллачу зудчух лаьцна

Материалан автор ю "Азаттык" сервисан корреспондент Тойкен Сания

Акмолинскан кIоштарчу Косшы эвлана гергахь ша яьхначу меттигехь дIайоьллина коронавирусах елла 64 шо долу Акимжан Райкуль. Цуьнан доьзал изоляцехь латтош бу. Еллачунна еса дешначу имама бахарехь, "дакъа дагорах къамел хилла а дац".

"ОХА КУЬЙГАШ ЯЗДИНА, ХIУММАЪ IОРАДОККХУР ДАЦ АЬЛЛА"

Официалан хаамашца, 64 шо долу Акимжан Райкуль дуьххьара ю коронавирусан унах елларг. Казахстанерчу Целиноградан Акмолинскан кIоштара схьаяьлла яра иза. Байначу беттан 26-чохь бира цунах лаьцна хаам Iедалхоша. Еллачун несо Чаканова Жанара бахарехь, "лиъча а" хIуммаъ дуьйцийла яц шен.

- Цуьнан кхалхарх лаьцна цхьа хIума арадаккха магийна дац тхуна. Амма суна лаа-м лаьара дерригенах а дийца. Сан дог этIа, дийна йиса йиш ма яра цуьнан. Тхо хIинца а шокехь ду. Цундела хIуммаъ ца алало соьга, - боху цо.

Акмолинскан кIоштан администрацин информацица, Акимжан Райкуль Алмата яханера, захало хьош. Цул тIаьхьа Жамбылан кIоштарчу Шускехь хьошалгIахь а Iийна иза. ТIаккха ша ехачу Косшы эвла юхаеанера. Байначу беттан 13-чу дийнера 17-че кхаччалц цIерпошт тIехь хилла иза.

Заздоккху-беттан 22-чохь Акимжанна вон хиллера, дегIан йовхо лакха а йолуш. Ткъа 25-чу дийнахь гуттар гIора эшнера цуьнан, Акмолинскан акимато бахарехь, тIаккха Нур-Султанерчу лоьмар 2 йолчу дарбан хIусаме кхачийнера иза. 26-чу дийнахь дIаелира.

Оцу суьйранна хаамбира Iедалхоша коронавирусах дуьххьара адам делла аьлла.

Чаканова Жанара бакъдо, шен марнана Алматы захало хьош яханера бохург. Казахстанехь коронавирусан ун ду аьлла, хаамаш а хилале яха де диллинера цо.

- Байначу беттан 13-чохь сан марнана Алматы яха новкъаелира. Юха карантин кхайкхийначул тIаьхьа сагатдан дуьладелира тхо. Сихха цунна юхаян билет а ийцира оха. 19-чохь цIа еара иза. Масийттазза лоьраш тIекхайкхира оха. Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь цуьнан могушаллех хьовсийтархьама кIоштан дарбан цIийне а йигира оха. Цуьнан могушалла зийначул тIаьахьа антибиотикаш язйира, лазар чIагIделира. Рентген ян еза ца элира тхоьга. Кийрахь цIена ю бахара. Дуьххьара коронавирус юй хьовсуш йинчу тесто ца гайтира ун, шолгIа йича къаьстина хиллера. Ца хаьа тхуна, хьенах теша деза!?, - боху Жанара.

Шен нана саанна яра шеца марнана боху несо. Цуьнан цхьаъ бен воцчу кIантехь марехь ю иза. Чакановас дийцарехь, "марнана могуш стаг яра, цхьа а сиркхонаш яцара цуьнца, цкъа а маха тоьхна а яцара" иза.

Оцу юкъанна, пачхьалкхан могушаллин министралло дIахьедо, еллачу Акимжон Райкульца пневмони а яра, ишта диабет токхуш а яра иза бохуш.


Акимжон еллачул тIаьхьа социалан машанашкахь цхьа видео яьржира, еллачун воI ву ша бохуш, жимчу стага дечу къамелан.

- Байначу беттан 22-чохь лоьраш цIа кхайкхира оха. ШолгIачу дийнахь шаьш тIеялае элира цара. Тхо лоьрана тIе дахча, цо цефазолин а, ингаляцеш а язйина, цIа хьовсийра тхо. ДегIан йовхо лахлуш яцара. 24-чохь юха а лоьраш кхайкхира оха. Кардиограмма а йина, "дог дика ду" элира цара. "Жимма Iилла хьо, лийр яц, толо" аьлла, дIабахара уьш. Цул тIаьхьа пхи сахьт даьллачул тIаьхьа кхин а чIогIа де эшнера цуьнан. Юха а лоьраш балийра оха 3-гIа. Жимма а адеквате лор вара тIаккха нисвелларг, цо катоьхна дIайигира иза дарбан хIусаме. 26-чохь лоьро кехат караделира суна, пневмонех елла нана аьлла. Коронавирусан тесто ца къастийнера ун. ДIа а йигий, дIайолла элира тхоьга. Моргера цIа йигира оха нана. Суьйранна телефон туьйхира тхоьга, коронавирус хилла цуьнца аьлла, - дуьйцу видео тIехь стага.

Азаттык радион аьтто ца белира, оцу видеох дерг ма-дарра къастон. Карарчу хенахь еллачун хIусам гонехь латтош ю, гергарнаш а, цуьнца контакт мел хилла дарбан цIийнера лоьраш а изоляцехь бу, дIахьедо Iедалхоша.

«ЦУЬНАН ДАКЪА ДАГО ДЕЗА АЬЛЛА, КЪАМЕЛ ХИЛЛА ДАЦ"

Лерина униформа йоьхначу лоьраша дIадолла кечдинера дакъа боху, Косшы эвлан коьртачу имамо. Иза вара еллачунна еса дешнарг а.

- Оха хьийхира лоьрашна шарIехь муха кечдан деза дакъа дIадолла. Цара лийча а йина, марчо а хьарчийна, кечйинера иза. Каш хIинццалц доккхучул а кIорга даьккхира. Кремаци ярх хьехош а дацара. Итт метар гена а бевлла дийшира еса а. Кешнашкахь кIоштан администрацин векалш а цхьана бара,- дийцина Азаттыке имама.

Iедалхоша, коронавирусца йоьзначу ситуацех официалан информаци дIакхайкхаон векал винчу зорбан министро Абаев Даурена Заздоккху-беттан 27-чохь дIахьедира, коронавирусан инфекцех пачхьалкхехь велла стаг дIаволларца керла низамаш дохур ду аьлла. Цо бахарехь, Казахстанерчу Динан урхалло лерина фетва арахецна, ишта керстан дино а бина шайгара хийцамаш шайн стаг дIаволларца.

ТIаьххьарчу официалан хаамашца, Казахстанехь коронавирусан ун даьлла ву 150 стаг. Царех 75 вахархо Нур-Султанехь ву, 55 Алматахь, Карагандахь 4, Жамбылан а, Акмолинскан а, Атыраускан а кIошташкахь кхоккха стаг ву ун даьлла. Ши стаг ву Шымкентехь, цхьацца ву Алматинскан а, Актюбинскан а, Къилба Казахстанан а, Павлодаран а, Мангистаускан а кIошташкахь.

Официалан дIахьедарца, пачхьалкхехь COVID-19 вирусца хиллачу кхаа стагана дарба хилла. Коронавирус яржар бахьана долуш, Казахстанехь чолхечу хьолан раж кхайкхийна карарчу беттан 15-чу дийне кхаччалц.

Байначу беттан 19-чохь дуьйна карантин ю Алматахь а, Нур-Султанехь а.