Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина Путина болх ца бен раж

Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир еарин дийнахь телевизионехула къамел дина халкъе. Цо Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина болх ца бен раж.

Президента дIахьедар дина, балха ара ца бовлучу белхахойн алапа диса дезаш ду аьлла.

Путина иштта кхин а алсам бакъонаш елла федерацин субъектийн куьйгалхошна, церан аьтто хилийта коронавирусца къийсам латтош, хIоранан а шайн регионе хьаьжжина, оьшург дан.

Оьрсийчохь чолхе хьал ца кхайкхийра Путина.