Коронавирус хьакхаелла стаг гучуваьлла ГIалгIайчохь

ГIалгIайчоь, Несара

Лоьраша тIечIагIдина ГIалгIайчуьрчу вахархочун коронавирусан ун кхетта хилар. Республикан Iедалша чIагIдарехь, карарчу хенахь цуьнан хьал дIоггара вон дац.

"Саццаза лоьрийн тидамехь ву иза", - хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Цо дийцарехь, республикерчу кхин а 6 вахархочун анализаш дIахьажийна Москох, коронавирус кхетта хила мега аьлла шеко йолуш.