Тесташа коронавирус кхетта хилар гайтина 40 стаг ву Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу 40 вахархочун коронавирус кхетта хилар гайтина тесташа. Москвахь лабараторехь ун кхетта хилар тIечIагIдина царах 15-нна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана.

Иштта хьал хIоьттина Нохчийчохь коронавирус яржарца Оханан-беттан 4-чахь. Верриг а лоьрийн тидамехь ву республикехь, эпидемица доьзна хьал гIоьртина долчу пачхьалкхашкара веана 795 стаг.