"ХIора белхан раж - тIом бу-кх!"

Материал вовшахтоьхнарг "Настоящее Время" телеканалан автор Суворина Кристина
Италерчу лоьраша дуьйцу, шаьш коронавирусна латточу дуьхьалонех

10 эзар медицинан белхахо ву Италехь COVID-19 вирус кхетта. Ткъа царех кхелхина 116. Къаьсттина ун даьлла доьзалашна тIехь лаьттачу лоьрашна. "Настоящее Время" телеканална дийцира, Италерчу дарбан хIусамашкарчу сихаллин гIо кхачочу машенийн шофераша а, лоьраша а, шаьш пациенташа а, коронавирусах дарба дечу лазартнешкахь а, интенсиван терапин дакъошкахь а долчу хьолах.

"Хи мала а аьтто бац"

"Вирусан ун даьлла дуккха а коллегаш а, доттагIий а бу сан лоьрашлахь. Нагахь санна, даим а куьйгаш оха дуьлуш хилча а, дерматит ма ю, куьйгаш лилхина ду тхан, даим а оцу юкъахь ма ду тхо, ткъа вирус контакт хилча яьржаш ю", - дуьйцу Савчук Еленас.

Савчук Елена кийча ю болх боло

Украинхо ю Елена. Италехь лоьран болх бен цо 10 шо а ду. Карарчу хенахь Новара провинцерчу дарбан цIийнехь COVID-19 вирус яьлла нах тIеоьцучу декъехь болх беш ю иза. ХIора Еленин Iуьйре дIайолало, вирусах Iалашвен лерина барзакъ тIедохарца: "Цхьа 15 минот хан оьшу суна тIе хIума юха. Сайн тIерачу духаре хьаьжжина хуьлу сан синтем дийно сарралц. Нагахь санна, маска ас нийса тIе ца йоьллинехь, цо ницкъбо суна. Белхан хан чекхъяллалц бала хьега дезаш хуьлу со, хIунда аьлча, хIуммаъ а хийца йиш яц сан цул тIаьхьа. Оцу юкъанна хи мала а аьтто бац сан. ТIера духар дIадаккхар а ю цхьа процедура. Дукха лерина хила веза, духаран тIехуларчу чкъурах хьакха ца луш".

Вовшех къаьсташ хилийта, лоьраша шайн-шайн цIераш язйо шайн духарна тIе: "Массарна а тIехь цхьатерра барзакъ хуьлу, мила-мила ву а ца хаьа, хьаьнга хIун ала деза а ца хаьа. Ца къаьста хьуна цомгашчо бохург а. Цо балдаш хьедарх ца кхета хьо", - дуьйцу Еленас.

Карарчу беттан 2-чохь коронавирус юй хьожуш тест йина 6 эзар сов Пьемонтерчу лоьрана. 811 стагца ю аьлла, тIечIагIйина коронавирус, аьлча а, 13 процентан. Кеп-кепарчу медицинан ассоциацеша тIедожийна Италин Iедалхошна, кест-кеста тесташ яр йоллу медперсонална, нагахь церан симптомаш яцахь а. Ткъа царра бохург ца до, хIунда аьлча, массо а лоьрашна тесташ яхь, бIеннашкахь вирус яьлла медикан белхахой изоляцехь цIахь бита дезар ду.

Пезарерчу интенсиван терапин лорйиша ю Туриани Мартина.

Туриани Мартина

Коронавирусах уггар а дукха нах лен гIала ю иза.
"COVID-госпитал хилла яьлла сан лазартне, - боху Мартинас. - Чиллан-бутт бовш дуьйна пациенташ алсамбуьйлу кхузахь. Хала хеташ делахь а, дукха бара интенсиван терапи оьшурш, и бохург ду - чолхечу хьолехь. Ситуаци чIогIа ледара ю, тхо ларош дац, - кхин дIа дуьйцу лорйишас. - Молханийн къоьлла ю, садаIадалийта хIиттон аппараташ а тоьаш яц, лоьрийн кхачам бац, куьйгаш оьшу. ХIора белхан раж - тIом бу-кх. Интенсиван терапин 40 меттиг нисбинера оха - юьхьанца 40 бен бацара. 30 маьнга дIалаьцна чолхечу хьолехь болчу наха".

Шаьш дарбан хIусамийн белхахой бу дукха хьолахь лазарш хала токхурш. Мартинас дуьйцу, массо а лоьран а, лорйишин а яц оьшучу барамехь вирусах Iалашвен тIебуху гIирс бохуш.

"FF2 фильтр йолу масканаш ю оха лелош. 100 процентна лар ца во цара. FF3 фильтр ерш ю тхоьгахь хила езаш, амма уьш яц, я хир ю ала меттиг а бац. Дукхахболу Италера лоьраш хирургийн масканаш йоьхкина белхаш беш бу".

"Тхайн ма-хуьллу дохку тхо, ткъа шу дуьйладелла лелаш ду"

Италерчу клиникан лоьран Савчук Еленин Украинехь дуккха а доттагIий а, коллегаш а бу бисина. Тахана Италехь дерг шен даймахкахь а хIоттарна кхоьруш, сагатдо цо: "Украинан къоман цхьа некъ бен буьсуш бац - вирус дуьхьал ца кхетийтар. Нагахь санна, шен иммунитет хьалаяккха Iалашонца туькана лимон эца ваха дагахь цхьаъ велахь, цунна гIоле ду чохь Iийча. Оцу туьканчохь вирус лаьцна, шен доьзалехь и дIаса ца яржийта. Цхьана а медицинас, ур-атталла, тоьллачу Италехь, кхечу Европан пачхьалкхашкахь а, Iамеркехь а дарба дойла яц оццул чолхечу хьолехь болчу дукхаъчу нахана".

Лоьрийн сихха гIо кхачочу спецавтомобилан урхалхо ву Валенте Даниель. Цо видео дIаязйина тхуна аьлла, нахе карантин ларъяхьара бохуш, дехар а деш: "Со хIинцца юхавеана, коронавирус яьлла пациент дарбан цIийне охьавилла даханера тхо. Со декхар ву хаийта, тхан лазартнеш юьзна ю цомгашчу нахах. Персонал хIоьттина ю. Тхайн ма хуьллу къахьоьгуш ду тхо, ткъа шу дуьйладелла лела. Ас кхайкхамбо шуьга: шу мехкашкахь хIинцца бен долалуш дац, ткъа тхо къийсам латтош ду. Ма моттийла шуна, хIара цхьа дайн лазар ду, шу цунах хьалха а довлалур ду, шайх и хьакха а лур дац. Кегийчарна а цхьана кхераме вирус ю иза", - аьлла Валентес.

Валенте Даниэль

Фано гIаларчу лорйишас Вентури Микелес фейсбукерчу шен пена тIехь кехат яздина Италин премьер-министре Конте Джузеппе. Дарбан хIусаман жоьжахатехь шен белхан дийнах лаьцна хаамбо цо.

"Медицинан белхахошна 100 евро гIоьнна преми...Премер-министр, ас баркалла боху хьуна а, Iедалхошна а, амма суна ала лаьа, ас бечу белхан мах кхин а лакхара бу", - аьлла, билгалдаьккхина Микелес.

Цунна жоп луш, парламентехь вистхуьлучу Италин Iедалан векало жоп деллера: тхуна цкъа а йицлур яц лоьрийн турпалалла аьлла.

"Массо а кIелхьарваккха гIерта уьш". Пациентан дийцар

"Хьо стенна гунахь ву хууш ца хилча, хало ду турпалаллех ойла ян. 5-10 цомгашниг валаво, ткъа чуэца меттиг бац. Кхечу лазартнешкахь а ду изза хьал. ТIаккха сагатдо ахь, царна кислород кхачорхьама, хьайгахь совнах маска цахилча", - дуьйцу Савчук Еленас.

Кхечу дуьненчуьра лоьраша юхаверзина ву италхойн журналист Гаэта Карло. Валарна а, висарна а юккъехь вара иза. Кху беттан 2-чохь ренимацера палати чу дехьаваьккхина иза Ломбардерчу Леньяно госпиталехь. Тхуна интервью яла а реза хилира иза.

"Со ах кхетамчуьра ваьллера, - дуьйцу Карлос шен цамгарх. - ДегIан температура охьайолуш яцара. Цхьана хенахь са ца даIалора соьга халла бен. ТIаккха дарбан цIийне охьавиллина, интенсиван терапи йолийра лоьраша. Гоьяьлла скафандр коьрта тIе йоьллира, суна кислород кхачийта".

Гаэта Карло

COVID-19 вирус яьллачу пациенташлахь 141-ра вара Карло. Видео дIаязйина цо, ша жимма а вистхуьлучу хьоле веача.

"Лоьрийн дуьхьа деш ду ас хIара. Леньянерчу госпиталера лорйижарий мел диканиш бу. Шуна ца хаьа, шайн са ца кхоош хьийза уьш, тхох массо а дийна висийтархьама. Суна гуш ду хIоранца а цара хьоьгу бала. Оццул дукха цомгуш нах хилар - церан бехк ма бац".

Дизайнеро Giorgio Armani-с а яздина италхойн лоьрашка баркалла олуш кехат. Ткъа цуьнан фабрикехь тега долийна лоьраш вирусех ларбен духарш.

Prada модан цIийно медперсонална тоьгуш ю масканаш, ткъа Болонера Ferrari фабрикано арахеца кечъеш ю садаIадолуьйту вентиляцин аппараташ.