Сулейманов Ахьмад. Шуьнехь Дош (Дагаев Валиде)

Your browser doesn’t support HTML5

Сулейманов Ахьмад. Шуьнехь Дош (Дагаев Валиде)


Сулейманов Ахьмад

Шуьнехь Дош
(Дагаев Валиде)


«Къонаха мила ву?
И меллалц веха?» -
Хаьттира ахь соьга
Шуьнехь Iаш вай.
- Дерриг а дуьне ду
Къонахчун меха!
ХIар дуьне-м къонахийн
Белшаш тIехь дай!

Ламанца дин лелац,
Ца хилча ленаш,
Уьш кхачаделлачохь
Соцуш бу дин…
Иштта бу къонахий,
ХIар дуьне латтош.
Къонахий дIабевлча –
Духур ду и!

Къонаха – дахаран
Синпхенийн мерз бу!
Къонаха – дуьненан
ГIайгIанийн шад!
Цо ларйо дахаре
Вайн йолу марзо!
Къонаха – пха кхосса
Дуьйлина Iад!

Къонаха вехийца
Даймехкан сийнна,
Даймехкан сий лардеш,
Вала и ле!
Ле иза, кхин ваха
Ца лууш сана,
Ленвоцчу сийлалле
Кховдаеш цIе!

Ца лууш ца ле и
Вайначул ваха,
И вайна, махкана
Хьалхара ле.
ХIар дуьне мел деха,
Къонахий беха:
Iожало лийр йоцчу
Сийлалле хьош!

Терзан тIе ца дуьйллу
Цо деший, даьхний
Халонехь хадочохь
Хьуьнаран мах.
Ахь дуьне мах болу
Шен корта буьллу,
Вайн маршо ларъечохь
СагIа до шех.

Къонахийн собар ду
Лекха лам баккхал,
Собар ду сов доккха,
Кхача ца луш!
Къонахийн собар
Кхачийча-м, боккъал,
ХIар маьлхан вайн дуьне
Духур ма ду!

Дуьненаш машарна
ГIароллехь лаьтташ,
Сийлаллин таж ма ю
Церан само!
Къонахийн само
Артъеллачу меттехь
МостагI ву кийча Iаш
Дуьне дохо!

Той кхолуш хIоттаде
Боцчарна гIанташ!
Дийначел дийна бу!
Вайца бу уьш!
Къонахийн сий хуьлда!
ГIовтта вай кIентий,
Хьакъ долу сий, хастам
Царна а луш!

Къийсамна хьалха бу
Байракхан суьртахь,
Лийр йоцчу сийлалле
Шаьш дуьгуш вай…
Дерриг а халкъаша
ГIулч туьйсу бертахь,
Доьлху уьш ирс долчу
Хьалхенга шайн!

«Къонаха мила ву?
И меллалц веха?» -
Хьаттира ахь соьга,
Шуьнехь Iаш вай.
- Дерриг а дуьне ду
Къонахчун меха!
ХIар дуьне-м къонахийн
Белшаш тIехь дай!