82 стаг ву Дагестанехь коронавирус кхетта

24 стаг тIекхетта Дагестанехь коронавирус лаьцначу нехан терахьна, боху махкарчу Роспотребнадзоран урхалло.

COVID-19 кхетта ву республикехь 82 стаг. 9 стаг товелла, дарбан хIусамашкахь ву 73.

Вирус билгалйоккхучу тестех чекхваьлла махкахь 5000 гергга вахархо. 2000 сов ву царех цIахь-чохь Iойтуш.