Amnesty International: Оьрсийчоьнан Iедало талла деза Нохчийчохь харцо лелор

Милашина Елена

"Новая" газетан журналистна Милашина Еленина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсар Оьрсийчоьнан Iедалхоша талла а деза, республикехь журналисташ а, бакъонашларъярхой а хьийзор сацон а деза аьлла, дIахьедина дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино.

Маршо Радионо яздира, карарчу беттан 13-чохь Кадыровс шен Телеграм-каналехь комментари ярх, Милашинас Нохчийчуьрчу коронавирусан ситуацех лаьцна язйинчу публикацех.

Мехкан куьйгалхочо бехкейира артиклан автор а, "Новая" газетан белхахой а нохчашна юкъа гамо тийсарна. Ишта кхерамаш тийсира цо Милашина Еленина.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша нийсонца мах хадо беза Милашинина тийсинчу керлачу кхерамийн, "журналисташна а, бакъонашларъярхошна а Нохчийчохь тIелатарш дар а, царна кхерамаш тийсар а сацадайта деза" аьлла ду дуьненаюкъарчу организацино шайн сайтехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

Карладоккху, Роскомнадзоро декхаре дира хьоста Кадыров эргIадвахийтина артикл зорбанера дIаяккха.