Къилбаседа Кавказехь вирус кхетта кхин а кхоъ велла

Коронавирусан инфекци бахьана долуш тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхелхина Къилбаседа Кавказехь 3 дархо аьлла, хаамбо вирусна дуьхьал къийсам латто кхоьллинчу оперативан штабо. COVID-19 диагноз хилла ши стаг велла ГIалгIайчохь, Краснодаран кIоштахь кхелхина цхьаъ.

Верриг а Кавказан мехкашкахь велла, коронавирус тIечIагIйина хилла 27 пациент.