Желтойн махкара 47 бер деана Германи тховкIело еха

Желтойн махкарчу мухIажирийн куьпара цхьана воккханиг а воцуш 47 бер деана Германи шоьтадийнахь Афганистанера а, Шемара а, Эритрейра а. Хьалхо Германи сехьабевлла дай-наной хиллера царех цхьаболчаьрга хьоьжуш Iаш. Германин Iедалан официалан векалша хаамбарца, желтойн Лесбос, Самос, Киос гIайреш тIерчу мухIажирийн каппашкахь дIатарделла хиллера даьхкина бераш.

Бакъонашларъярхоша масийттазза дIахьедира, берашна цхьана а кепара хьелаш дац оцу гIайреш тIехь бохуш.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро журналисташка дийцина, Афинера догIучу кеманца Ганноверчу аэропорте еана хилла берийн тоба аьлла. Кеман тIе ховшале хьалха коронавирус юй хьовсуш тесташ йина хилла царна. Германин дозана тIехула буьйлабалале шина кIиранах карантине бохкур бу уьш.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Зеехофер Хорста шен дегайовхо ю аьлла, Европехь мухIажирш бевллачу дайн-нанойн, я шайн даймахкара арабовла аьтто ца бевллачийн бераш кхечу пачхьалкхаша а тIеоьцур ду аьлла.

Зазадоккху-баттахь Германин Iедалхоша дош деллера, желтойн мухIажирийн каппашкахь долчу берех мел лахара а 350 тIеоьцур ду шаьш аьлла.

ООН-ан векало Дужарич Стефана дIахьедина, Охан-беттан юьххьехь Желтойчохь улло ваьлла стаг а воцуш 5200 сов бер ду, Европано тховкIело яларе хьоьжуш аьлла