"Политикийн репрессешна дуьхьал наной" организацино кхайкхамбина, политикан бух тIехь нах сецош меттигаш хуучаьрга массаьрга а, шайх схьа а кхетий, пачхаьлкхан Iедалхошна зуламаш совцадар тIедожаде аьлла. Ишта цара кхайкхамбо, политикан тутмакхаш маьршабахар тIедуьллуш а. "Дождь" телеканало бина цунах лаьцна хаам, яздо Свобода Радионо.
"Вирус дIагIур ю, ткъа политикаца доьзна лецарш дуьсур ду" аьлла, видео дIаязйина "Москван гIуллакхца" а, "Сети", "Новое величие", "Хизб ут-Тахрир", "Ростовн" а гIуллакхашца бехкебинчийн наноша а, лецначийн гергарчара а. Масийттазза кехаташ яздира шаьш боху видеоролик тIехь Оьрсийчоьнан президенте а, пачхьалкхан Думе а, Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а, амма жоп доцуш дисира шайн дехарш боху наноша.
"Политикийн репрессешна дуьхьал наной" организацино флешмоб юкъаяьккхина бехк боцуш кхелашка хIиттийначарна гIо лоцуш. Дукха хьолахь уьш бу шайн хьажам болу нах а, динца доьзна лецнарш а.
Наноша дехар до, "шаьш ца динчу зуламашна" бехкебина, лецначу тутмакхашна тIехIуьттуш, видеош дIа а язъеш, яржор.
Бакъонашларъяран "Мемориал" центро карладаьккхинчу тептарехь 314 политикан тутмакх ву. Шо хьалха 158 вара уьш.