Нохчийчохь карантинан раж чIагIъярх дIахаийтина Кадыровс

Республикехь карантинан раж чIагIъярх дIахаийтина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь. Урхалхо реза вац юкъадаьхна изоляцин низамаш махкахоша лар ца дарна, дукха хьолахь, бераш ураме дуьлуьйтуш.

"Бинчу талламаша гойту, гIалийн а, яртийн а дукхахболчу бахархоша карантинан раж ларъеш цахилар. Шайн доьзалхой урамехь нийсархошца цхьаьнабеттаболуьйту цара. Ишттаниг оха могуьйтур дац! Коронавирусан инфекци яржа кхерам бохьу цара", - яздина Кадыровс.

Цуьнца доьзна республикехь COVID-19 ца яржийта терго латто кхоьллинчу Оперативан шатабана тIедиллина мехкан дас бахархой дIасалеларна тIехь Iуналла латтор.

Иштта Кадырос билгалдаьккхина, Керлачу АтагIахь а, ГIойтIахь а инфекци яржа кхерам бухабаккха ницкъ кхаьчна шайн аьлла.

Таханалерачу зерашца, Нохчийчохь ун даьлла ву 465 стаг. Велла ворхI. Дарбахилла 107 пациентна. Карантинехь латтош ву 1303 вахархо.