Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву 5554 вахархо

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу хаамашца коронавирусан инфекци яьлла ву 5554 стаг, хаам бо Стопкоронавирус.рф. порталехь. Дагестанехь алсам бу ун даьлла нах - 1662 стаг, велла 12.

Къилба ХIирийчохь 92 вахархочуьнца вирус ю, кхелхина цигахь 4 пациент. Цунна тIаьхьа йогIу ГIалгIайчоь - 814 цомгашниг ву, велла 23 пациент.

Ставрополан кIоштахь 676 вахархочуьнца къаьстина COVID-19, велла 14 пациент.

ГIебарта-Балкхаройчохь 544 стагана ун кхетта, кхелхинарг 2 ву.

Нохчийчуьрчу хаамашца, 525 ву тIаьххьарчу хаамца ун даьлла, 8 стаг кIелхьарваккха аьтто ца хилла.

Коронавирусан инфекцица ву Кхарачойн Чергазийчохь - 412 вахархо, 2 пациент велла.

Оьрсийчохь верриг а COVID-19 ун даьлларг ву 124 054 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а тIекхетта ву царех 9623 пациент.