"Ун даржо дика хьелаш ду хIорш". Оьрсийчохь бIаьстенца бIахой эскаре кхайкхар

Your browser doesn’t support HTML5

"Ун даржо дика хьелаш ду хIорш". Оьрсийчохь бIаьстенца бIахой эскаре кхайкхар


Пандеми бахьана долуш Дзержинскан кхелехь къевлинчу неIаршкахь вовшах дагабуьйлу суьдхой, "Весна" боламан жигархочунна Левкин Никитина таIзар муха дийр дара-те бохуш, яздо "Настоящее Время" телеканало.

Цо а, кхин цхьана жимачу стага а Охан-баттахь акци дIаяьхьнера коронавирусан эпидеми яьржинчу юккъехула кегийрхой эскаре гIуллакхдан бигарна дуьхьал.

Шайн куьйгашца кечдина, "Коша кхайкхар" аьлла, тIеяздина транспарант даржийна хиллера цара Петербурган Юккъерчу кIоштан тIеман комендатурин гIишлонна хьалха.

"Армехь а, ишта набахтен хьелашкахь а, дукха а нах гуллучу меттигашкахь а - тIех дика хьелаш ма ду вирус яржон", - боху Левкина.

Карантинан раж йохийна аьлла, таIзаре хIоттийна вац Левкин, хIунда аьлча, официалехь Петербургехь карантин кхайкхийна цахиларна. ТIеман комендатурина хьалха акци хIотторна бехкала воьллина иза. Аьлча а, нахана юкъахь барам дIабахьаран низамаш ца лардина аьлла.

"Адвокаташна цхьа а доцург хета "нах гулбеш, барам хIоттор" бахар. Ши стаг - нах бац, я тоба а яц",- боху Левкина.

Псковн кIоштан губернаторо Ведерников Михаила а цхьаьна боху, кегийрхой арме кхойкху хан яц хIара. Малхбузен агIора цуьнан регион, коронавирусан кхерам бац бохучу Беларуссица дозанехь ю. Къилбаседа-малхбалехьа Петербург ю. Ткъа и гIала - ун даьлла нах дукха хиларца кхоалгIачу меттигехь ю пачхьалкхехь а.

"Тхан регионехь лоьрийн къоьлла ю. Карарчу хенахь боккха болх бу оха болийна, центрана нацкъара йолчу меттигашкара медикаш коьрта позицешка сехьабохуш. Цул совнах, массо а армех кхойкху кегийрхой тестех чекхбаха беза, ткъа уьш бу, хан кхаьчна хиларна комиссе тIекхуьйкхурш, 3,5 эзар стаг. Карарчу хенахь хIора денна 360 гергга тест ян аьтто бу тхан. Ифекцин пик гIатта тарло бохучу оцу юкъанна, лаборатори сацо еза оха, йиш яц ун дала кхерамехь болчу нахаца болхбан а. Боллу ницкъ эскаре кхайкхинарш тестех бохуш, хан яйа еза тхан. И дойла дац", - аьлла Ведерниковс "Псковская лента новостей" хьастана еллачу интервьюхь.

Официалехь Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна долийна эскаре кхайкхар. Боллу ницкъаца болх бан аьтто бац тIеман комендатурийн. ХIора хенахь армех кхойкху кегийрхойн могушалла толлу, аккредитаци йолу дарбан хIусамаш а карантинна дIакъевлина ю.

Ткъа цхьайолчу кIошташкахь шаьш тIекхойкхучу комиссешка кхача ца ло кегийрхой. Цхьаъ ву царах Екатеринбургера Щукин Андрей.

"Со Екатеринбургехь вехаш ву, ткъа дIаязвина Нижний Тагилехь ву. Башха йоккха хан яц цу шинна юкъахь, амма коронавирусан эпидемина тIехула некъ бац дIаваха. Юкъара транспорт яц цига лелаш", - боху жимачу стага.

Комиссин кхеташоне шен хенна дIакхача чIогIа оьшу Щукин Андрейна, хIунда аьлча, альтернативе бахархойн гIуллакхдан сацам хилла цуьнан. Ткъа тIе ца водахь - дуьхьал хилларг хир ву иза. ТIаккха шена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдарна кхоьру иза. Я шена луучух а ваьлла, кхечу керлачу бIаьхошца дIахьажо тарло жима стаг.

COVID-19 вирусан эпидеми бахьана долуш тIеман комендатурех чекхбевллачул тIаьхьа кегийрхой шина кIиранна обсерваци хьовсор болуш бу. Нагахь санна, дерриг а тIеман министраллан планашца дIадодахь, пачхьалкхан 83 субъектан 135 эзар жима стаган карантинах чекхвала дезар ду.

Армех кхойкхуш бац Ямало-Ненецкан автономин гонехь а, Коми республикехь а. Бакъду, цигахь эпидемиологин хьолан тIехула дац, цигахь географин бахьанаш ду. Ткъа Оьрсийчохь йисинчу заманчохь 100 эзар сов салти вовшахтоха везаш ву.

"Суна хетарехь, нийса ах бохург санна, эскаре кегийрхой кхайкхина бевлла хиларо, хаа а хууш, тIеIаткъам бийр бу, цхьаболу бIаьхой дIакхийкхарца боьзначу барамашна, - боху "Солдатские матери Санкт-Петербурга" организацин юристо Передрук Александра.- ХIунда аьлча, кхиа деза клиникан-инструменталан талламаш дIабахьа а, лоьрех уьш чекхбаха а. Дерриг а кхочушдан хан оьшу, ткъа тIеман комиссариатийн план кхочушъян де дийне хан кIезиг юьсур ю. Дера оцу бахьанашца эскаре кхойкхучийн кеп-кепара бакъонаш талхо ма тарло".

Стигалкъекъа-беттан мукъаденошкахь тIеман комендатураш болх беш яц, кхелаш йиллина елахь а.

Коронавирусан эпидеми юккъехула эскаре бIаьхой кхайкхарна дуьхьал волчу жигархочун Левкин Никитин гIуллакх кхаарин дийнахь луьстур долуш ду. Боккхачу барамехь гIуда тоха тарло цунна, я административан кепехь лаьцна вита а мега.