Полицин лерринчу тобано, цIенна го а бина, лаьцна Путин эккхо араваьлла хилла шаман Габышев Александр

Маршо Радио, Оьрсийн сервис

Your browser doesn’t support HTML5

Шаман психика меттаяло вигина

Полицин лерринчу ницкъаша лаьцна, психиатрин дарбан хIусаме дIавигна, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Кремлера эккхо чIагIо а йина, стохка Москва ваха араваьлла лелла Якутера шаман Габышев Александр. Оцу хьокъехь хаам бина “МБХ медиа” хьосте “Правозащита Открытки” цIе йолчу бакъоларъярхойн юкъараллин координатора Прянишников Алексейс.

Бакъоларъярхочо бахарехь, герзах воьттина веъначу, лаххара а 20 лерринчу тобанан полисхочо, тIелетта даьккхина шаман веха цIа. Кхеташ дац, стенна эшна иза юха а лаца. Дийнан йохалла массийтазза баьхкина хилла шаман волчу цхьа нах, шаьш медикаш ду, коронавирусана тест яккхийта шайга, аьлла.

Габышевца цхьаьна лаьцна кхин а ши стаг – изоляцин хьал талхорна бехкебина уьш.

2019-чу шеран бIаьста гIаравелира Якутера шаман, доIанашца Оьрсийчоьнан президент Путин даржера эккхор ву ша, аьлла, цо Москва ваха некъ болийча.

КХИН А ХЬАЖА: "Путинна хьалха суждане а вахна, иза мара а воьллина, цунна барташ баха воьдуш ву иза"

Полицин тоьлла ницкъаш дуьхьал а баьхна, Бурятинний, Иркутск-мехканний дозанехь лецира иза Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь. Экстремизмах дузуш, айдира бехктакхаман гIуллакх. ЦIера дIаса ца вала декхаревира. Талламчаша яйтинчу психиатрин экспертизица язвина кхетамчохь боцчийн могIара.

Габышев дагахь вара кхушеран аьхка шен некъ юхаболон, Москва "президент эккхо" ваха.

КХИН А ХЬАЖА: "Шена чуьра жин эккхийча, цец-акъ вер ву Путин". Шаман ву вогIуш…

Цунна дуьхьал айдина, хIинца а дижонза ду бекхтакхаман гIуллакх, амма цкъачунна, эпидеми яьржина лелачу ханна, сацийна иза. Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International организацино кхетамца доьзна Iедало лоьцучу нехан тептара язвина Габышев.

"Тамаше ду дерриг а, амма цо гойту, мел баккхийн ницкъаш дуьхьалбовлу Оьрсийчохь стаг охьатаIон", - боху Amnesty International-о.