Нохчийн гIаттамхойн хьалханча Бютукаев Аслан лоьху ГIалгIайчоьнан полисхоша

Иллюстративан сурт

Нохчийчоьнан дозанерчу Сунжан кIоштан хьаннашкахь ГIалгIайчоьнан полисхоша лоьхуш ю, нохчо Бютукаев Аслан коьртехь волу, гIаттамхойн тIаьххьара тоба, яздо "Интерфаксо". 2013-чу шарахь Нохчийчохь вийначу, "Кавказан Имарат" вовшахтоьхначу Умаров Доккин метта хIоттийна вара Бютукаев.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехIоттарна санкцеш юкъа вахийтинера иза 2016-чу шарахь.

ТIаьхьарчу масех шарахь нохчийн гIаттамхойн лидерех хезаш хIумма а дацара. "Домодедово" аэропортехь йинчу терактана бехкевеш Бютукаев Оьрсийчоьно.

1974-чу шеран ГIадужу-баттахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н ТIехьа-Мартанахь вина ву Бютукаев Аслан. Масхадов Асланан куьйгакIел вара иза. 2013-чу шарахь Умаров Дока велча, цуьнан метта нохчийн тIемалойн хьалханча хIоттийра иза.