Тоьках ахча тIедожийна нохчашна. Амма нехан ахча а дац, я болх бан аьтто а бац
Your browser doesn’t support HTML5
Дан амал доцуш боьхна хьийза Нохчийчуьра бахархой,яздо "Кавказ.Реалии" портало. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана жим-жима коронавирусан изоляци лагIйийр ю аьлла, дIахьединашшехь, хийцаделла хIума дац. Маца чекхъер ю-те карантин? Федералан тIегIанехь Путин Владимира а дIакхайкхийна ма ду, диттина дозанаш малде аьлла, иштта Оьрсийчоьнан бахархошна балха лела а магийра.
Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь хIоттийначу эфирехь дийцира, изоляцин раж малъяр кхаа муьрехь хир ду аьлла.
"Вайн куьйгалхочо, Рамзан Ахматовича, Дела реза хуьлийла цунна, оперативан штабана тIедиллина тахана а, кхана а шен-шен муьрехь карантинера довла некъаш даха аьлла. Оха уггар а хьалха адам кIеззиг гуллу объекташ схьаелла план кечйийр ю, цул тIаьхьа - паччахьан кхеле юьллур ю иза", - аьлла, дIахьедира Даудовс.
Юцу юкъанна, республикан бахархоша хаамаш бора, коммуналан белхахой шайгара тоьках ахчанаш даха гIерта бохуш.
Масала, Гуьмсерчу вахархочо иштта дуьйцу: "Нехан хIусамашкахула лела, цхьаболучаьрга гIуданаш охьадохкуьйту, вукхеран тоькан серий хедадо, декхарна дуьхьал. Массо а декхаре ду боху мах охьабилла. Карантин хиларна Нохчийчоьнан Iедалхой а, энергетикан белхахой а бехке бац боху цара. Сан да а, нана а лаьмнашкарчу юьртахь дехаш ду, цкъачунна царна тIе кхаьчна бац уьш. Тхан неIаре баьхкира".
"Кавказ.Реалиица" къамел динчо билгалдоккху, нахера ахча схьадаккха маса схьакхочу, ткъа кху хьолехь берашна догIу антикризисан "пособина" кехаташ кечдан Нохчийчохь аьтто бац бохуш.
"Луларчу Дагестанехь суна бевзачу наха шаьш хIинцале а берийн ахчана а, белхазалла хиларца доьзна лур ду аьллачу ахчана документаш вовшахтоьхна боху Пачхьалкхан хьелаш аьллачу порталехула, ткъа Нохчийчоьнна тIехула лаьтташ цхьа дуьхьало ю-кх: я онлайнехула а, я телефонехула а цхьа хIума чекхдаккха аьтто боцуш".
Шен цхьа гIуллакх хилча а, араяла кхоьру Соьлжа-гIалин яхархо Лиза. Цхьана дийнахь, дIасаяха карахь бакъонан кехат а доллушехь сацийнера иза. Полицин декъе ца юьгуш йиссира цхьа Делан къинхетам бахьанехь.
"Селхана кIоштан администрацера телефон етта соьга, кхачанан сурсаташ лур ю шаьш бохуш. Со цига яха новкъа ялахь, сацор ю со, араяларан бахьана дийцича, цунах уьш кхетар бу ала а ца тарло со. ГIуда тIедожор ду суна. Чу-ара вала луш йолу бакъо шина сахьтана бен яц, ткъа цигахь тарло дуккха а адамийн раьгIнаш хила, со кхуьур яц тIаккха. Нагахь санна, со цига ца йодахь, сан метта хьаькамаша куьйг яздина, шайлахь дIасайоккхур ю луш ерг. Администрацина уллохь ехачу сайн доттагIчуьнга дехар дира ас, гIой, схьаэцахьара ахь сан метта аьлла. Картолийн а, хохийн а галеш а, дуга а, гречка а схьаэцнера цо".
"Кавказ.Реалиин" корреспонденте Соьлжа-гIалин бахархоша дийцарехь, карантин йоллушехь цхьайолу кафеш болх беш ю гIаличохь. Масала, дукха хьолахь таксхоша делкъе еш йолу Малгобекская урамехь ерг.
Нохчийн юкъаралхочо Кутаев Руслана бахарехь, шалхаллаш го Нохчийчуьрчу Iедалхойн леларца.
"ГIалин коммуналан хьукматийн кассираш, изоляцин раж а йохош, арабовла безаш бу - ахча гулдан, шайн дахар кхерамечу зил кIел а дуьллуш. Ткъа, халкъ изоляце хаийначу Iедалхошна кхета ца лаьа, церан карахь ахча цахиларх. БIаьрзбеллачу, дерриг а хьаьхначу нехан мохь оьху. Болх бан меттиг а бац, я тIаьхьалонна аьлла, охьадиллина шай а дац цаьргахь. Чоь юьззина бераш долчу хIусамашкахь юург а яц".
Кутаевс дийцарехь, ахча гулдан арабевллачу белхахоша нехан хIусамийн кевна бухахь кехаташ дуьту, карантинан низамаш а лардеш, оццу кевна бухула декхар схьакховдаде шайга бохуш. Цу тIехула конфликташ юьйлу, ткъа инцидентан декъахой кертана дехьа а, сехьа а хуьлу.
"Цхьаъ шен уьйтIара дIа луьйш ву, важа кевнал арахьара. Ткъа и дерриге а стенна ду: энергин сфера "стратегин объект" ю, ахча охьа ца диллича йиш яц аьлла, энергетикан компанино дIакхайкхор бахьана долуш. Ткъа бахархоша жоп ло цаьрга: хуьлийла шу стратегин зарратан сфера, тхоьгахь ахча дац олий!", - дуьйцу Кутаевс.
Политолога билгалдоккху, Iедало нахана сом даккха аьтто буьтуш цахилар. Полисхой урамашкахула, уьйтIешкахула машенашкахь чекхбуьулу, микрофончухула "балкон тIе а ма дийла" бохуш, бахархошка маьхьарий а детташ.
"Мемориал" бакъонашларъяран кхеташонан центран куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, гергарчу хенахь Нохчийчохь карантин лагIйийр ю олийла дац.
"Делахь а, Дагестанера коллапс хуьлучул а гIоле ду хIара. (Дагестан коронавирусан ун даьлла нах дукха хиларца къаьсташ ю Къилбаседа Кавказерчу регионашлахь). Мархийн баттахь Нохчийчуьрчу ярташкахь дихкина ду зуькарш а, мовладаш а, тезеташ хIиттор а. Арабовла бахархошна луш йолу бакъонаш, туьканашкахь раьгIнаш ца хIиттийтархьама нисйина цигахь", - дуьйцу Черкасовс.
Коммуналхошна латкъамаш беш, бахархошкара аьрзнаш кхаьчна дац "Мемориале" боху Черкасовс, амма цу тайпа проблема хила тарло боху бакъонашларъярхочо.
Коронавирус ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо тIаьххьара кху беттан 18-чу дийнахь бинчу хаамашца, COVID-19 вирус кхетта ву Нохчийчохь 966 стаг. 582 пациентана дарба хилла. 11 дархо кхелхина.
Махкарчу могушалла Iалашъяран министро дIахьедарехь, лоьраша зуьйш ву 4476 меттигера вахархо, коронавирусан ун дуй толлуш.