Кадыровга шен воI схьалахар доьху Нохчийчуьрчу яхархочо. ТIеман духарахь хиллачу наха вигна иза

Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу яхархочо Хаджиева Зинас мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехна шен воI Хаджиев Эдуард лохуш гIодар – камуфляж лелочу наха дIавигна иза.

Москвара Охан-беттан 3-чу дийнахь цIавеъча, карантинехь Iийна иза шина кIиранах. Охан-беттан 17-чу дийнахь, куьпан полисхочо мага а дина, туькана вахана Хаджиев. Оцу хенахь иза бевзаш боцчу, камуфляж йоьхначу наха лоцуш гина лулахошна, хаам бо OC-media портало.

ШолгIачу дийнахь полице яхана Хаджиева Зина шен воI хоьттуш, шаьш иза ца лаьцна, аьлла цигахь, схьаэцна цуьнгара воI варах долу арз.

Охан-беттан 22-чу дийнахь шен кIант вайнийла хаийтина зудчо Талламан комитетан а, ФСБ-н а урхаллашна.

Бутт баьлла, амма шен кIантах шена хууш хIума дац Iедалера, боху Хаджиевас. Цундела дина цо Стигалкъекъа-беттан 17-чу дийнахь социалан машанашкахула Кадыровга дехар а.

Нохчийчохь шайн нах барах хаамаш баржор дуьххьара дац кху муьрехь. Охан-баттахь Аьхкинчу-Борзера (Ассиновская) яхархочо а дийхира Кадыров Рамзане вайна волу Хайхароев Мохьмад мукъавоккхуш гIодар. ТIехьош цхьа а бехк а боцуш, пхоьалгIа бутт бу Хайхароев лаьцна латто, бохура зудчо.

Чиллан-беттан 10-чу дийнахь Соьлж-ГIала садаIа ваххарх вайна ву Дагестанера кхо вахархо – 30 шо долу Алиев Ниллан а, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин а, 62 шо долу Аскеров Хьаьким а. Царах цхьаммо интернетехула Кадыровна тIехь бегаш беш видео яржийначу сахьташкахь байна и нах, боху гергарчара.