Коронавирусах тобеллачийн плазма йоьттина Адыгейхь дуьххьарчу пациентана

Гайтаман сурт

COVID-19 цамгар а лайна, тобеллачу нехан плазма йоьттина Адыгейрчу дарбан хIусамехь пациентана дуьххьара. ХIо лучу аппаратах воьзна, халачу хьолехь ву доноршкара гIо кхаьчнарг. Оцу хьокъехь хаам бина уьнна духьалоечу мехкан оперативан штабехь Адыгейн могашаллин министра Меретуков Рустема.

Коронавус юхайоккху цIийнан плазма кечъеш, донорш лоьху лоьраша республикехь, боху цIий дуттучу станцин белхахоша.

Меретуковс хьалхо хаийтина ма-хиллара, массех дархочунна тоххал плазма кечйина лоьраша, цунах пайда оьцур бу деношкахь. Молхан и кеп юкъаяьккхина, лелаш ю Москварчу дарбан хIусамашкахь.

Изоляцин хьал лаьтта Адыгейхь карарчу ханна. Адам гуллучу меттехь масканашца хила декхаре бу бахархой.

COVID-19 уьнах Адыгейхь цомгуш хилла таханенна 561 стаг, велла уьнах 8 вахархо.