Дагестанехь леррина операци дIахьош 6 стаг вийна ницкъхоша

Гайтаман сурт

Дагестанерчу Хасу-Юртан кIоштарчу хьуьнхахь герз карахь хилла 6 стаг вийна леррина операци дIаяьхьначу Iедалан ницкъаша. Антитерроран комитето бечу хаамца, "низамхошна тIелата кечам беш хилла уьш".

Гоксув юьртана уллерчу хьуьнхахь "6 стагах лаьтта тIемалойн тоба ю" аьлла, информаци а кхаьчча, тIеман операци йолийна, шаьш карабало гIоьртинчу Iедалхошна цара герзашца дуьхьало йича, уьш байина, боху антитерроран комитето.

Iедалхойн версица, байинарш "Исламан пачхьалкх" олучу террорхойн тобанах хилла.

Охан-беттан 16-чу дийнахь дIаяьхьира антитерроран комитето таханлераниг санна йолу тIаьххьара операци. Оцу дийнахь Табасаранан кIоштарчу Даргава юьртана гергахь ницкъхоша вийра шайна тIемало ву аьлла хетта цхьа стаг.