“Декъаза ву Нохчийчу вухавогIург”

Your browser doesn’t support HTML5

Европера нохчийн мухIажираш бен хир бац коронавирус яржарца шатайпа ниIмат карийна: тховкIело ца еллехь а, цкъачунна сацийна депортаци яр. Карантин чекх а яьлла, кеманаш лела дуьйладелча, йолор ю керла депорташ, экстрадицеш. “Кавказ.Реалиин” корреспондента хиттира Европерчу мухIажирашка, стенна къаьстина уьш шайн даймахках, хIун зен хуьлу царна Оьрсийчу дIахьовсийча.