Эладиташна тIехь кхоллаелла  юьхьIаьржо цIийца яйар...

Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь алсамдаьлла "сий лардеш" нах байар

Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а "сий лардеш" зударий байарх рапорт арахецна "Бакъонан инициатива" проекто, яздо "Кавказ.Реалиис. Шайн талламаш бина цара 2011-чу шарера схьа 2019-чу шаре кхаччалц бехкзуламан гIуллакхашкахула кхайкхийначу кхелийн 43 сацамна тIехь.

Документа тIехь авторша билгалдоккху, Оьрсийчохь "сийна" тIехула зударий а, мехкарий а байар кIезиг ца хуьлу аьлла.
Масала, 2020-чу шеран юьххьехь Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а нисделира ши зуда ер. Шуьйрачу гонашкахь дийца а дийцира царах лаьцна. Зуламхойн кхетамехь, зудчо юкъараллехь дIалаца безачу меттигца доьзнера уьш байар.

Кхелан документашца а догIуш, шаьш хIаллакбина зударий харцахьа лелаш бара аьлла, царна тIе бехкаш тIеттина божарий, тIаьхьо гучудаларца, шаьш хиллера церан сий дайинарш. Масала, бара уьш кхиазхой, хIусамнаноша дуьххьарчу марехь дина бераш аьлла, яздина ду бакъонашларъярхойн талламна тIехь.

2005-2018-чу а шерашкахь "сий лардеш" дийна 48 адам, царна юкъахь ю 44 зуда, 4 боьрша стаг ву. Маьттаза лелара уьш аьлла, шеконаш кхоллаеллачу церан цIийнах болчу божарша байина лоруш бу зударий. Дукхахьолахь - вашас, дас, йа девашас. Ткъа и шеконаш гIуьттуш хилла дукхахйолчу меттигашкахь эладиташна тIехь.

"Бакъонан инициатива" проектан бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, цхьаболчу кхелахоша тIе ца дитинера, таIзаре хIоттийначо аффектехь дина хилла зулам бохург а. Шаьш зулам динчул тIаьхьа, шайна тIаьхьара лараш йойуш хилла цара, дина зулам къайладаккха Iалашонца.

Дукхахьолахь зуда еран бахьана хуьлура - цунах лаьцна гонах дуьйцу хабарш."Бакъонан инициатива" проектан эксперто Антонова Юлияс дийцина "Кавказ.Реалии" портале, низамо бохург даим кхочуш ца деш, кхелаша зорбане боху сацамаш, цундела олийла дац, цу кепара зуламаш сов ду.

"Хаамийн гIирсийн зерашка ладоьгIча, тIаьххьарчу шарахь и зуламаш алсамдевлла. Дукхахдолу гIуллакхаш жигара дийцаредеш ду, амма церан статистика яц. Куьйга дIасалиста ийшира кхелийн сайташ", - боху Антоновас.

Регионашкарчу проблемех лаьцна дуьххьара рапорт арахецначул тIаьхьа, оцу мехкашкахь хIумма а ца дира, цу тайпа зуламаш кхин ца хилийта Iалашонца, билгалдоккху Антоновас.

"Тхуна хетарехь, адаман кхетам серлабоккхуш боккха болх бан беза, амма цкъачунна цу тIехь къахьоьгурш цхьа бакъонашларъярхой а, журналисташ а бен бац. Хьаькамаша новкъарлонаш йо. Тхоьга телефонаш еттара, Къилбаседа Кавказан республикаш стенна бехъеш ю, аш дуьйцу зуламаш цигахь дац, бохуш. Амма цул тIаьхьа зуламан гIуллакхаш доладора, царна тIаьххье хьукманаш дора. Оха, уьш талла а толлий, гойту проблема хилар. Амма цуьнца болх беш стаг а вац", - дийцина "Бакъонан инициатива" проектан белхахочо Антоновас.

Зуда ярах чуделла арз полицино тIе ца эца а тарло, нисло иштта цуьнан гергарчара къайлахьуш а: цхьанхьа балха, йа деша яхана ю иза, бохуш, дуьйцу эксперто. Пачхьалкхийн органаша, цо бахарехь, боккхачу тергамехь латтон дезаш дара цу кепара аьрзнаш, хьанна хаьа, тIаккха сингаттам чукхаьчначара а гIовгIа эккхийта куц дара, я шайн зуда лохур яра, йа цунна тIехIуьттур бара.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Human Rights Watch организацин Европерчу а, Юккъерчу Азин а декъан куьйгалхочун гIовса Локшина Татьянас дийцина, Кавказехь "сий лардеш" зударий хIаллакбарца а, кхерамаш тийсарца а дукха Iиттаелла ю ша бохуш.

"Шайн са дадийна, Iадийна зударий уьдура ког лаьттах ца кхеташ. Проблема стенца ю аьлча, меттигерчу юкъараллаша ца дуьйцу царах лаьцна. Ткъа и зуламхо бехказвоккхуш, зуда маьттаза лелара, олий, бехке йо. Дукхахьолахь, меттигерчу Iадаташна тIе а туьйжуш, кхелаша нийсонаш ца лелайо", - боху Локшинас.

Цунна хетарехь, дуккха а нехан бIаьргаш схьабелла тарло бинчу талламаша, иштта, ницкъаллийн структураш а меттахъяха там бу, цу тайпа зуламаш доггах листа.

"Зударий сунтбарх ‘Правовая инициатива’ проекто рапорт зорбане даьккхича, дуккха а нахана, иштта, тхан белхан накъосташна а цхьаьна, керла хIума дар-кх иза. Цхьа могIа пачхьалкхашкахь цу тайпа ламаст лелаш дуйла хууш дара, амма Оьрсийчохь а ду аьлла ца хетара. ‘Сий лардеш’ зударий байарх лаьцна Кавказехь дика хууш дара, ткъа цул арахьа - гуш дацара", - боху Локшинас.

"Бакъонан инициативан" талламчаша иштта билгалдаьккхина, Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байар - къаьстина доцуш хIума хилар - цIеххьана, дагахь а доцуш хуьлуш долу. Ма-дарра аьлча, шерашкахь зударшна а, мехкаршна а тIехь ницкъ а бой, Iаткъамаш а латтабой, уьш хьийзийначул тIаьхьа кхочушбеш болу дерзоран мур бу иза боху бакъонашларъярхоша.