ТIедогIучу пIераскан дийнахь схьадоьллуш ду Нохчийчуьра маьждигаш

Соьлж-ГIалара доккха маьждиг

ТIедогIучу пIераскан дийнахь махкарчу массо а маьждигехь Рузба дан мегар ду аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Коронавирусаца лаьтта хьал а оьзна, иштта республикан муфтийца Межиев Салахьца дага а ваьалла, тIеэцна бу ша, аьлла цо и сацам.

Билгалдаьккхина, маьждигашкахь санитаран эпидемиологин низамаш Iалашдан дезаш хилар: социалан дистанци ларъяр а, масканаш лелор а.

Карладоккху, Зазадоккху-баттахь дуьйна Нохчийчохь коронавирусан эпидеми яржарца дIакъевлина лаьттира массо а маьждиг.