ДаIишан могIарш дуза гIортарна кхел йина нохчочунна

Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу тIеман кхело набахтехь даккха 6 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Таймусханов Султанна, терроризмана бехке а вина. "Кавказ.Реалии" портало бина цунах лаьцна хаам.

Ноьвран кIоштарчу Калиновскера вахархо 2015-чу шеран Марсхьокху-баттера схьа 2016-чу шеран ГIадужу-батте кхаччалц шена вевза жима стаг даIишхойх дIатоха Iалашонца бертавало гIиртина, видеороликаш а гойтуш, хаам бо кхелан пресс-гIуллаккхоша.

Таймасхановс къаро ца йина шена дохкучу бехкашна.