ГIирмерчу Ялта гIалин администрацин куьйгалхочун гIоьнчех Сейдаметов Диляверах хьакхалуш дIадахначу пIераскан дийнахь конфликт нисъелла Ялтехь Нохчийчуьрчу бахархойн, яздо "Вести Крым" хаамийн гIирсо. Инцидент хиллачул тIаьхьа гIаличуьра бовда аьтто хилла цу тобан. Порталан корреспонденте хиллачух дийцина ГIирмерчу гIезалойн Автономин куьйгаохочо Умеров Эйваза.
"Таханалерачу дийнахь оцу конфликтана бехке болу Нохчийчоьнан векалш кху регионера арабевлла шайн даймахка дIабахна", - аьлла, дIахьедина цо.
Карладоккху, кху беттан 5-чохь Нохчийчуьра баьхкинчу хьешашкара бехк баьккхинера Ялтин администрацин префектан гIоьнчас, нах бехачу меттигехь цара машен чехка лелорна. Дош дашера а даьлла, гIуллакх девне дирзинера. Церан летарш нисделлла, дийцарехь, Сейдаметов дарбан цIийне кхачийна а хилла.
Карарчу хенахь администрацин векал шен цIахь ву, цуьнан могушаллица кхераме хIумма а дац. Полицега дIахьедан дагахь вац иза, дов дирзина аьлла цо, яздо хаамийн гIирсашкахь.