Бисултанов Апти. Сан Даймохк...

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Сан Даймохк...

Бисултанов Апти

***

Сан Даймохк бац хьуна абата тIера,

Виначу юьртара болалац и.

Сан Даймохк мотт сецна бIешерийн кхера,

Сан Даймохк тарраш тIехь лардина сий.

Ца оьшуш хIумма а тардина кхолла,

Ма цIена бакъ а ду-кх заманан аз.

Сан Даймохк Iаьршашка кхевдина хIоллам,

Сан Даймохк аренца къух даьлла барз.

1980 шо