Бисултанов Апти. Сан безам...

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Сан безам...

Бисултанов Апти

***

Сан безам и хIун ю и муха къастабо кхечо,

Со оцу тайпана хъесапаш оьшуш вац, Мохк.

Со бIаьрзе велахь а, хьан некъо схьагойту гечо,

Дин боцуш велахь а, хьан некъо бере во сох.

Сан дагца ца соьцу хьан доь довр хиларан бала.

Азаллехь елла хьайн цIе ларъеш чекхдаьлла, Къам.

Цхьа кошан чурт дисахь хир ю и хьан хаден гIала,

Цхьа кошан варз биссахь хир бу и хьан лекха лам.

1982 шо