Бисултанов Апти. Да воцу жIаьла

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов Апти. Да воцу жIала

Бисултанов Апти

Да воцу жIаьла

Диларшкахь ду цуьнан дажар,

Кхаьллешкахь ду цуьнан дажар.

Да воцу жIаьла ду иза

ЦIе йоцуш ша тIаьхьа даза.

Токхенехь летачу пхьаьрчийн

Аьзнаша тийналла цоьстуш,

Дуьжу и боданах хьаьрчий

ГIан-набарх доьшано хьоьстуш.

Массо а хIуманал хьалха

ГIотту и декъаза гIаларт.

Массо а хIуманал цхьалха

Юха а суьйренга дала.

Ду иза ойланал маса

Даима дIаэккха кийча.

Цхьа цеце Iадийна ас

Майраллин зирх боцуш цIийца.

*****

Ас хIунда и дагалоьцу,

Тахана и долуш санна?

Хьох йолу ойла ю соьца,

Да воцу и жIаьла санна.

2010