Европан бакъонашкахула кхело болх болийча, листа дезаш лаьтта масех "нохчийн дов"

Your browser doesn’t support HTML5

Листа дезаш лаьтта девнаш

14-ннан гIуллакх, ИсраиловгIар, Ванслова, Лапунов, кхиберш Оьрсийчоьнна дуьхьал

Пандеми бахьанехь ханна сацийна шен болх Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Шайн хене хьоьжуш лаьтта "нохчийн девнаш" а. Царех лаьцна хеттарш дира оха бакъоларъечу юкъараллашкарчу юристашка.

14-ннан дов, "Мемориал"

Нохчийчуьрчу Куьрчалан кIоштарчу 14 вахархочо шайна тIехь гIелоярах, боцу бехк тIехьарчорах лаьцна арздина кхеле. Цара дийцина 2017-чу шарахь шаьш Кадыров Ахьмад-Хьажин полк олучу декъан гIишло чохь лецна кхабарх а, еттарх а, герзаш лелийна, тIемалошлахь лелла ала бохуш, хьийзорах а лаьцна. Шеларчу гIалин кхело 9,5 – 10,5 шераш кхайкхийна царна набахтехь такха, 200-250 эзар соьманна гIуданаш а тухуш.

"Мемориал" центран юриста Глушкова Татьянас бахарехь, кхелаша гайтина шаьш оцу нехан аьрзнаш ма-доггIу талла лууш йоцийла а, цара ден аьрзнаш шаьш тергоне ца оьцийла а. "Оьрсийчуьрчу талламчаша тIе ца эцна еттарх лаьцна долу тоьшаллаш, вуно ледара зийна талламчийн болх, цара иза берзийначул тIаьхьа", - элира юриста.

КХИН А ХЬАЖА: Котар-Юьрта бомбанаш еттарх лаьцна хаттарш хьажийна Оьрсийчоьне Европан кхело

"ИсраиловгIар а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал"

Нохчийчуьра Исраилова Табарак ю арз чуделларг. 2002-чу шеран ГIура-баттахь цуьнан воI лаьцна Соьлж-ГIалара Хьалха-Мартана боьдучу некъа тIехь лаьттинчу блок-постехь. Гергарчарна хиина иза федералийн эскарш лаьттачу "Хан-ГIала" дIавигинийла. Лар йоцуш вайна кIант.

2009-чу шарахь Европан кхело Оьрсийчоь бехкейина Исраилов варна, иза муьлхачу хьелашкахь вигина тидаме а оьцуш, сацамбина иза велла лара.

"Правовая инициатива" ("Бакъонийн жигаралла") проектан адвоката Аветисян Григора бахарехь, Европан министрийн кхеташонан комитет ю гIуллакх тергонехь кхобуш. Дов юхалиста долийна стохка, керла хьелаш гучудовларца доьзна. Нохчийчуьрчу талламчашна схьакарийна Исраиловх йисина чалх, духарца вевзина иза, амма цуьнан нанна ца хаийтина, ца кхайкхина иза дакъа зуьйчу бараме.

"Оха ДНК-экспертиза а, чалхаш а гайтар дийхира. Шаьш коган дIаьхк биоматериална лелийна, иза экспертиза еш чекхъяьлла, элира тхоьга. Амма цхьа хан яьлча йира экспертиза оццу чалхийн. Аьлча а, Оьрсийчоьно Европан кхелан сацам цхьана декъехь кхочушбина – схьалехна кIентан лар. Амма гергарнаш ца битина белхан декъа, дIа ца делла цаьрга Исраиловн дакъа. Европан конвенцин 3-гIа дакъа талхийна, " – боху адвоката Аветисяна.

КХИН А ХЬАЖА: Цунах "чопа тохар" олу

"Лапунов Оьрсийчоьнна дуьхьал", "Iазапна дуьхьалояран комитет"

Лапунов Максиман арз чуделла 2019-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. Европан конвенцин дакъош ду талхийна – таллам цабар, маршонах ваккхар, дискриминаци яр.

Европан кхело шен тидаме эцна Лапунов Нохчийчохь хьийзорах, таллам буьззина цабарх долу дов.

Лапуновс гомосксуал лору ша. Иза цо лечкъа а ца дина ша 2015-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь вехаш. Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь иза лачкъийна Соьлж-ГIалахь, вигина полицин декъе, цигахь юьхь яьхна, "хьо нохчийн кегийнах бехбан веана", бохуш.

Лапуновс дийцарехь, цунна вевзачу цхьана кIантанна тIелейтина иза, биргIа йиттина, куьг лазийна. 11-чу дийнахь, коьртах телатан тIоьрмиг а боьллина, вигина, махкара арахьажийна. Лапунов тешна ву, цунна вевзаш хилла цхьа гей Нохчийчохь, хьийза а вина, вийна хиларх. Лапуновн арз листа Европан кхело цкъачунна айдина дац дов.

КХИН А ХЬАЖА: Страсбург: Муртазалиева Зараъ набахтехь латторна бехке яц Оьрсийчоь

Ванслова и кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал", "Iазапна дуьхьалояран комитет"

2019-чу шеран гурахь "Iазапна дуьхьалояран комитето" чуделла арз. Орзахо ву пхи стаг – "Iазапна дуьхьалояран комитетан" векалшца цхьаьна Нохчийчу пресс-турца бахана хилла жигархой: юрист Ванслова Екатерина а, "Комитетера" пресс-гIоьнча Жильцов Иван а, журналисташ Прусаков Антон а, Солунин Михаил а, машенлелорхо Плиев Башир а.

Зазадоккху-беттан 9-чохь Къилбаседа ХIирийчуьра Нохчийчу боьлхучу царна хааделла шаьш машенашца тергалдеш хилар. Цара сацийна шайн микроавтобус, шина "Лада-Приора" машенаша шайн некъ лаьцча. ТуьтмIажигашкахь волчу 10-15 стага гIожмаш етта йолийна царна, маьхьарий хьекхна, "шун террорхошца цхьаьна ду", бохуш. Ягийна микроавтобус. Видео-, фототехника а дIаяькхина цаьргара. Цул тIаьхьа къайлабевлла тIелеттарш. Ткъа Ванслован ноутбук чубевлла бевзаш боцу нах хьешан цIийнехь Зазадоккху-беттан 10-чохь.

Бехктакхаман гIуллакх гIаттийра хIетахь, "нехан бахам бохор" олучу бехканна. Амма зулам шайна тIехь лайначарна ца битира бехктакхаман кехаташ довза, талламчийн балханна я цара болх цабарна арздан некъ. Цунах лаьцна ду Европан кхеле делла арз.