Терк чу вахначу цхьана кIентан дакъа схьакарийна, лоьхуш ву шолгIаниг

The Terek River in Chechnya

Невран кIоштахь Терк чу вахначу шина кIантах цхьанан дакъа схьакарийна орцанхошна. КIиран дийнахь бина и хаам орцан министралло ТАСС агенталле.

"Хи чу вахначу меттигна 11, 5 километар дехьа, Левобережный олучу эвлахь карийна веллачу кIентан дакъа. Дийнахь а, буса хи йистехь ха дечу орцанхошна гинера иза. ШолгIаниг схьалоьхуш ву хIинца а", - аьлла министраллан пресс-гIуллакххоша.

Карладоккху, дахначу еарин дийнахь Невран кIоштарчу эвлан йистехь вайнера 11 а, 12 а шераш долу ши кIант. Шеконаш яра и шиъ Терк чу вахана хир ву аьлла. 400 стаг вара дийнахь а, буса а бераш лоьхуш.