Москвахь полисхошна герз диттина, шиъ лазийна

Москварчу Ленинан майданахь герзаш диттина, лазийна некъан автоинспекцин ши белхахо. ТАСС агенталло бахарехь, вочу хьолехь ву цхьаъ царах, цунна операци йина лоьраша.

Baza телеграм-каналан информацица, полисхойн машенна леррина тIе а вахна, герз диттина уллехула тIехволучу стага. Цхьаболчу хаамашца, травматикан тапча ю йиттинарг, кхечу хьостанаша бахарехь – тапча-герз. Иза билгалдаккхаза ду цкъачунна.

Хьалхо яздора массех агенталло, шен документаш талла сацийначу таксисто диттина герз, бохуш. ТIаьхьо и информаци харцйира Москван полицин урхалло, герз диттинарг тIехволуш хилла стаг ву, аьлла. Цунна а кхетта герз ша лоцучу муьрехь, боху хаамийн гIирсаша.

"Интерфаксо" билгалдоккху герзахо ГIалгIайчуьра схьаваьлла 24 шо долу Галаев Ратмир хилар. Муьлхачу бахьаница цо тапча йиттина дуьйцуш дац цкъачунна.