ГIалгIа лаьцна Тбилисехь, журналист Габуния вен веана аьлла

Леррина операци дIахьош лаьцна Тбилисехь 38 шо долу Боков Васамбек, Оьрсийчоьнан вахархо. Иза Гуьржийчуьрчу оппозицин "Мтавари архи" телеканалан журналист Габуния Георгий вен кечлуш хилла, хаам баржийна каналан инарла директора Гварамия Никас. Цо бахарехь, журналист вен Боков ваийтинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа бахьана – Габунияс шо хьалха "Рустави-2" телеканалан эфирехь Оьрсийчоьнан президентах лаьцна маьттаза къамел дар.

Яьржинчу информацица, массех де хьалха лаьцна Боков Васамбек контртерроран департаменто. Ткъа иза гуьржийн журналист вен гIерташ вуйла хаийтина Украинерчу кхерамзаллин сервисаша, аьлла Гварамияс.

Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхалло цкъачунна ца довзуьйту хилларг.

2019-чу шеран аьхка "Рустави-2" телеканалехь эфир хьош, Путин Владимирах лаьцна маьттазчу маттахь вистхилира Габуния. ХIетахь доладелира цунна кхерамаш тийсар. Масала, Кадыров Рамзана, иза «Кавказан воI вац, боьрша а вац", элира. "ДуьнентIехь Путин лоруш миллионаш кегийнах бу. Габуния ворхI кертал дехьа лачкъон веза, хIунда аьлча, дуьххьара иза гиначунна луур ду цунна доггIург кхочушдан", яздира Кадыровс.