Мигранташ летта полицех Дагестанехь. Масийтта стаг лазийна

Оьрсийчоьнан Азербайджанца долчу дозанехь, Дербентан кIоштарчу Куллар юьртанна гергахь, герзаш а детташ, вовшахлетта полици а, Азербайджане дIабаха гIерташ, доза делларе хьоьжуш Iен нах а.

Пандеми бахьанехь беттанашкахь бихкина латтийна некъ боьллуш, дуьххьара дехьабевр болучу нехан цIерш къастийна хилла Дагестанан орцан урхаллой, Дербентан кIоштан куьйгалхоший, Азербайджанан Iедалхоший. Амма нахана гучудаьлла, беттанашкахь доза лардечарна юкъа дукха хан йоццуш арабевлла некъахой а язбина хилар. Оцо гIаттийна протест.

"Охан-беттан 16-чу дийнахь дуьйна Iийраш ца кхаьчна дехьабовлучийн могIаршка. Пхи де а дац дехьабовлуьйту нах дозанехь рогIе язбелла", - аьлла дийцира девнан бахьана Дагестанерчу азербайджанхойн диаспорин векала Панаев Ганис "Кавказ.Реалиига". Массех бутт бу иза хьал тергалдеш волу.

Резабоцучийн гуламе кхаьчна полици, хIоьттина ирх герз детта. Амма Панаевс бахарехь, лазийнарш бу некъахошлахь а, полисхошлахь а.

Шен-шен цIаваха араваьлла 600-650 стаг ву Дербентан кIоштахь гулвелла.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, дуьххьара тоба дIасаяхийтира дозанехь Стигалкъекъа-беттан 19-чу дийна. Кхин а 122 стаг дозанал дехьавалийтира кху беттан 3-чохь.