Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратура: коррупци массанхьачул кIезиг ю ГIалгIайчохь

Пачхьалкхан субъекташлахь коррупци уггаре кIезиг йолу мохк бу ГIалгIайчоь, аьлла Оьрсийчоьнан Инарла прокурора Краснов Игора, хаам бо obzor.io портало.

Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, 100 эзар вахархочунна кхочу коррупцица дозу 21 зулам.

Ткъа ГIалгIайчохь ду и терахь массанхьачул а лахара: 100 эзар вахархочунна – иттех зулам.

Коррупци жигара хьийза регионех ю Мордови, Чуваши, Камчатка, Архангельскан, Брянскан, Мгаданан, Оренбурган, Саратовн, Тюменан мехкаш. Оцу субъекташкахь 100 эзар вахархочунна кхочу 26-29 зулам.