Зударий балор а, битар а лахделла Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь

Къилбаседа Кавказехь зударий балор а, доьзалш бохар а лахдина коронавирусца доьзна нах чохь совцаро. Статистикан урхалло Росстато тоьшалла дарца, шеран хьалхарчу беа баттахь кегийнаха доьзалш кхоллар лахделла 76,9% стохкалерчу оццу муьраца дуьстича.

Уггаре кIезиг кхоллабелла доьзалш ГIебарта-Балкхаройчохь, лахбелла и барамаш 24,6%-на – стохкачул 279 кIезиг. Дагестанехь лахделла зударий балор 23,1% - стохкачул 1033 кIезиг. Изза хьал ду кавказхойн кхечу мехкашкахь а. Нохчийчохь керла доьзалш кхоллар 20,5% лахделла – 279 кIезиг стохкалерчу муьраца дуьстича.

Амма и хьал кхин ду Оьрсийчуьрчу цхьайолчу регионашкахь. Масала, Тывахь, Амуран, Липецкан мехкашкахь зударий балор лакхадаьлла хилар гойту статистико.

Доьзалш бохар а лахделла Къилбаседа Кавказехь. Оццу ГIебарта-Балкхаройчохь дIасакъестарш 21,2% кIезиг ду стохкалерчу шеран хьалхарчу бена баттаца дуьстича. Нохчийчохь а ду и терахь лахара – 28,7%, аьлча а, 118-нна лахара.

Ткъа Амуран махкахь, масала, стохкалерчу шеран беа баттаца дуьстича, совдаьлла доьзалийн бохаран терахь.