Эксгумаци йина, кхелан-медицинан экспертиза йинчу 23 шо долчу Умаева Мадинин хьокъехь девзина хьалхара жамIаш довзийтина аьлла, яздо "Кавказ.Реалиино". Цуьнан дегIа тIехь йина йина чевнаш яц аьлла, бу хаам.
"Гуьмсан мэрехь гулбеш бу хаам дIа а кхайкхош, къамел дан Iалашонца еллачун дехула а, ненехула а болу гергарнаш а, иштта, цуьнан хилла марзой а", - аьлла, хаам бина бакъонашларъярхочо Саратова Хедас.
Гуьмсерчу порталан хьостано дийцина, цу кхеташонехь хила тарло парламентан спикер Даудов Мохьмад а аьлла. "Кавказ.Реалиин" корреспондента цу хьокъехь динчу хаттарна жоп ца делла Даудовн пресс-секретаро.
"Цкъачунна кхачам боллуш официалан зераш довзийтина дац - гисталоги а ю ян езаш, цунна а хан оьшур ю", - аьлла Умаева Мадинин гергарчеран цIарах цу гIуллакхехь верасалла лелочу "Правовая инициатива" проекто.
Устрада-ГIалара схьаяьллачу 23 шо кхаьчначу, Гуьмсерчу "Дружба"-куьпахь марехь хиллачу Умаева Мадинина эксгумаци йина. Кху беттан 12-чу дийнахь елла, буса дIайоьллинера иза. Амма цуьнан гергара нах шекбара иза ша елла бохучух. Цуьнан кхалхар толлуш ду Iедал экспертиза ярца.