Хангошвилин доьзало шаьш Iалашдар дехна

Хангошвили Зеламха

Берлинехь вийначу нохчийн тIемалойн хиллачу командиран Хангошвили Зеламхан гергарчу наха шаьш Iалашдар дехна,яздо "Эхо Кавказа" портало. Оршотан дийнахь DW гIирсан каракхачийначу Хангошвилин доьзалан адвокатийн дIахьедарехь бина цунах хаам. "Оха тIедожадо, хIинццалц тхох Iалашбеш хилла боцучеран Германино а, Швецино а доладар тIелацар", - аьлла ду динчу дIахьедарехь.

"Халахеташ делахь а, дахначу шарахь тхо дегалазам а буьсуш кхийтира, Оьрсийчоьнан Iедалхой тхайна билггал а тIаьхьабевлла хиларх. Оцу тIехула даймахкара арадевлла а дара тхо", - билгалдаьккхина Хангошвилин доьзало.

Вийначун гергарчарна жимма а синтем хилла, Германин Федералан прокуратурано "лерина талламаш бинчул тIаьхьа" бехкенаш билгалбаьхна хиларна.

"Талламхошна къаьстина, тхан да, ваша, хIусамда Оьрсийчоьнан Iедалхойн тIедилларца вийна хиллийла", - яздо доьзало шайн кехата тIехь.

Нохчийн тIемалойн хилла лидер Хангошвии Зеламха верна шеконашца лаьцнарг бехке хилар тIечIагIдина Германин Федералан прокуратурано. Орсийчоьнан Iедалхоша вейтина ву аьлла, билгалдаьккхина урхаллехь.

Карладоккху, Хангошвили герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-беттан 15-чохь. Оцу сохьта лецира полисхоша шеконашца иза вийнарг. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц. Делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

ЧIагIдарехь, ФСБ-н спецназехь гIуллакх дина цо. Иштта, масех стаг вуьйш дакъалаьцна а ву иза.