Патриарха Кирилла Германи тIелеттачу денца эскар "доггах декъалдаро" цецбаьхна нах

Оршотан дийнахь, Мангал-беттан 22-чохь, Германи Советан пачхьалкханна тIелатар дагалоцуш, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вахара Москван дозанца дукха хан йоццуш йинчу тIеман министраллин коьртачу килсе.

Путинца цхьаьна килсе а воьдуш, «Эсан некъ» цIе йолу комплекс схьайоьллуш дакъалецира Оьрсийчоьнан патриарха Кирилла. Гайтаме дIахIоттийначу эскарна хьалха, Даймехкан Сийлахь тIом дагалоцуш, и тIом халкъан эсанна "шеко йоццуш беза бу", бохура Кирилла.

Къамел дар Путинал а хьалха нисделира цуьнан. Шен дош дерзош, элира патриарха: "Ас доггах декъалдо шу эсечу, тезетан, оццу юкъанна дезачу денца" ("Со знаменательным, скорбным, но одновременно торжественным днём всех вас сердечно поздравляю").

Кирилла аьлларг ши де ду социалан машанашкахь айдина дийцареден – дукхахболчара емалво иза Германи тIелеттачу денца эскар "декъалдарна".

Советан пачхьалкханий, Германиний юкъахь лаьттинчу тIамехь (Даймехкан Сийлахь тIом) велла хIетахьлерчу Советашкара лаххара а 27 миллион стаг, шайх дукхахберш Оьрсийчоьнан бахархой а болуш. Официалехь Мангал-беттан 22-чу дийнах олу "Дагалецамийн а, тезетан а де".

  • ТIеман министраллин Коьрта килс схьайиллира кху беттан 14-чу дийнахь. Иза ечу муьрехь дуккха а наха шаьш резабойцийла хаийтира оцу чуьрчу хьоланна – Путин, Сталин, кхиболу пачхьалкхан куьйгалхой базбеш ехкина мозаикаш яра цу чохь. Уьш дIаехира тIаьххьара а.