Нохчийчохь еллачу йоьIан нанас шена гечдар дехна Кадыровга

Умаева Мадина шен доьзалхочуьнца

Шен йоI доьзалехь ницкъбина йийна аьллачу Умаева Мадинин нанас Давлетмирзаева Хутмата гечдар дехна шена Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Нохчийн ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь шинарин сарахь, 23 шо долу Гуьмсера схьаяьллачу Мадинин яларан бахьанаш толлуш Гуьмсан мэрехь дIабаьхьна гулам гайтира сюжетехь.

Цу цхьаьнакхетарехь мехкан куьйгалхочо довзийтина Умарована йинчу экспертизан жамIаш. Цо бахарехь, ницкъбина хиларан ларш яц зудчун дегIа тIехь.

Нанна тIедожийра Кадыровс дуьххьара цуьнан йоI йийна аьлла, кхаьчначу хаамех дийца шена аьлла. "Тхуна хуур ду, мила вара хьоьга телефон тоьхнарг, талламан комитето бакъо лур ю телефонан детализаци ян, тхо массо а хIуманна а тIаьхьакхуьур ду тIаккха", - аьлла цо.

Умаеван нанас дийцина, шен невцан кертахь йоI лечу дийнахь маьхьарий дара аьлла, хаам бинера шега, цу тIехула шеконаш кхоллаеллера шен аьлла. Цу тIе, шен йоI лазаршца яцара, царах елла ала а, боху нанас.

Прокуроре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, жима зуда хьалхо дIайоьллинчу юьртан имаме а, тарлой иза йийна хила, цуьнан нанас Давлетмирзаева Хутмата дIахьедина ма-хиллара аьлла, хаьттира Кадыровс.

Нохчийчоьнан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис дийцина йоIана эксгумаци ярх. Цо бахарехь, марчонна тIехь цIийн лараш хилар доьзна ду цуьнан дакъа талхадоларца.

Давлетмирзаева Хутматера ши йоI схьа а яккхий, дега, Хамидов Висхьаьжега дIало аьлла, тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийчохь дIайоьллинчуьра хьалаяьккхира 23 шо долу Умаева Мадина дахначу шоьтан дийнахь. Талламан комитетан а, йоьIан гергарчара а тIедожорца кхочушйинера и процедура, цуьнан цIийндас йийна аьлла, даьржинчу хабаршна тIера. Юридикан гIо дехнера "Правовая инициатива" проекте еллачуьнан нанас.

Гуьмса кIоштахь марехь хилла Умаева Мадина кхелхира карарчу беттан 12-чохь. Оцу буссехь дIайоьллинера иза. Кхо бер дисина еллачун.